ХЬО БЕЦАРА САН ДАЙМОХК ?
ŐRDIN NAHAR
0:00 / 0:00
ХЬО БЕЦАРА САН ДАЙМОХК ?
562 просмотра · 4 нед. назад
ŐRDIN NAHAR
29,1 тыс. подписчиков
562 просмотра · 4 нед. назад
ХЬО БЕЦАРА САН ДАЙМОХК ?
1
Хьо бецара сан Даймохк ?
,Исламах дог долуш ?
Хьо йецара Нохчийчоь ,Г1иллакхийн бохь болуш ?
Хьо йецара Нохчийчоь ,Доьналлуо кхиийнарг ?
Дуьненчохь яьлла г1ар ,Парг1ато ларйинарг !
2
Хьо бецара сан Дайн-Мохк ,лаьттат1ехь къаьсттина?
Г1ийланиг мисканиг ,дог оьцуш хьистина ?
Хьо йецара Дег1аста, Къонахий кхиийнарг ?
Лардинарг церан доь ,Маршонехь йахчийнарг !
3
Хьо бецара Нохчийн-Мохк,дицдан хьайн йиш йоцург ?
Турпалан Нохчочун ,т1аьхьенех кхерч болуш ?
Хьо бецара сан Дайн-Мохк ,цу стигла кхоьвдинчу ?
Хьуьнарца кхочу дарж ,Доьналлех лам болуш !
4
Хьо йецара Нохчийчоь ,Маршонах кхача берг ?
Маршонан къийсамехь ,Маршонна кхоьллинарг ?
Хьо йацара Нохчийчоь,Паччахьий Къаной берг ?
Массуо а бераш хьайн,Маликаш лоруш ерг !
5
Хьо йецара Нохчийчоь,Зударшкахь Сий кхаьбнарг ?
Эхь-бехках дуьззина ,1адаташ доттинарг ?
Хьо йацара Нохчийчоь,бакъонаш ларйинарг ?
Нийсонца дуьстина,Ламасташ нисдинарг !
6
Хьо йецара Нохчийчоь,хьайн Эхарт лардинарг ?
Хьо децара Нохчийн къам,Уммат дог г1аттийнарг ?
Хи санна цхьаъ долуш, даьхна хьо Нохчийн къам !
Малх санна ша сирла,Яхь йолу Нохчийн къам !
7
Хьо бецара сан Дайн-Мохк,мостаг1ий кхийринарг ?
Уьш къежбеш цистина,шайн ц1ийла керчийнарг ?
Хьо бу И сан Дайн-Мохк ,денбала безаш берг ?
Эккхабеш бода дохк ,самабала декхар берг !
8
Нохчийчоь хьан К1ентий ,гулбеш де дог1ур ду !
Дег1аста хьан баала,д1аэккхо Де лоьхуш !
Нохчийчоь хьан К1ентий ,г1овттун Де дог1уш ду !
Маршонан вайн г1ала,Сийлаллехь шаьш йуттуш !
9
Да виса хьан Дайн-Мохк,1унал дан суй болуш !
Хьан Нанойн До1анашна,Делера жоп долуш !
Сий долу Нохчийчоь,дуьссийла хьуна т1е !
Аллах1ан Беркаташ,йерзош хьо Шена т1е !!!
Аьрсбин Абу-Бакр 27.09.15 шо :