Илли "Сан дай баьхна латта", Лёма Сатуев
БЛОГ ГОРЦА
0:00 / 0:00
Илли "Сан дай баьхна латта", Лёма Сатуев
7 988 просмотров · 5 л. назад
БЛОГ ГОРЦА
7,11 тыс. подписчиков
7 988 просмотров · 5 л. назад
Нанас берахь дуьйна, суна хьо марзбина
Хьоьга даггара дуьйцуш, хийла ойла йина
Сан дай баьхна латта, сан ирс долу Даймохк
Ахьа кхиийна, ахьа стаг вина со новкъа велира.
Хьуна гена ваьлча, херехь зама яьлча
Даго лоьху зурма суна хьо хетара
Сан дай баьхна латта, сан ирс долу Даймохк
Малх бицбина, нур къагийна хьо суна лепара
Хьора йог1у кхане, хьоьца йоккхур бохуш
Винчу махка кхача аса са тийсинера
Сан дай баьхна латта, сан ирс долу Даймохк
Хьох къаьстина, дог диллина 1алург ца хиллера